Свернуть поиск
Дополнительная колонка
Правая колонка
Фатван лоьмар: 2588
Хаттар: ШарIехь бух болуш ду я дац ламаз оьцучу юккъехь доьшуш долу доIанаш?
Жоп: Цхьана АллахIана бу хастам! Къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан элчанна, цуьнан доьзална а, асхьабашна а! Цул тIаьхьа…
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) доьшуш хилла хилар бух боцуш ду ламаз оьцучу юккъехь (меженаш юьлуш делахь а я царна масхьа деш делахь а) доьшуш долу доIанаш. Оцу хьокъехь дуьйцуш долу доIанаш – наха шайггара кхоьллина, (ШарIехь) цхьа а бух боцуш долу бидIат ду.
ШарIо магийнарг - ламаз эцаран юьххьехь “бисмиллахI” алар а, эцна ваьлча ши шахIадат “АшхIаду ан ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шарийка лахIу, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу”далор а, хIара доIа дешар а ду: “АллохIуммаж-Iални минат-тавва́би́на важ-Iални минал-мутатIаххIири́н” маьIна (Я АллахI! Тоба дечарех ве Ахьа со, цIано ечарех а ве Ахьа со).
АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:
Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,
Iабдур-Раззакъ Iафифи - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг,
IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,
IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ https://vk.com/yalsaman

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев